lirik.web.id
a b c d e f g h i j k l m n o p q r s t u v w x y z 0 1 2 3 4 5 6 7 8 9 #

lirik lagu сати казанова – любовь сердца

Loading...

i.
мехкарийн оьздалла нахана еза,
дикачу йо1ана к1ант хуьлу реза
вайшинан дегнаш безамае ц1аргахь
цхьаъ хилла догуш ду
хьо воцуш яхар суна ца деза
дийца йиш елар мел ч1ог1а веза
ахь серла даьккхина къона дахар
даггара веза хьо
безам, ахь дуьне къагадо
везаш, хьан ойла еш ю со
суна, тешалахь хьо ца хилчи
яхар дуьнен чохь оьшуш дац
хьо ца хилчи со хир яц.
ii.
ахь дагар дуьйцуш хьозанаш дека,
шерашкахь хьежа хьоьга ю реза
х1ун де ас дагна хьоьга цо кхойкху
хьо вог1у ларво цо.
хьан ц1енан даг чохь вайн безам беха
корехь со лаьтта ларвеш хьо вехха,
вайн кхоллам ирсе хиларах тешаш
денош д1аоьху сан.
безам, ахь дуьне къагадо
везаш, хьан ойла еш ю со
суна, тешалахь хьо ца хилчи
яхар дуьнен чохь оьшуш дац.
iii.
ас сайн деган дог1а д1аделла
хьо бен ца веза сайн дош делла
ишта ц1ена безам кхиош
еха хьан ц1е сайн даг чохь язош,
хьо ца хилчи со хир яц.
безам, ахь дуьне къагадо
везаш, хьан ойла еш ю со
суна, тешалахь хьо ца хилчи
яхар дуьнен чохь оьшуш дац
хьо ца хилчи со хир яц.


Lirik lagu lainnya:

LIRIK YANG LAGI HITS MINGGU INI

Loading...